Главная > Зелимхан Харачоевский > Харачойн Зеламхех цхьа-ши дош . . .
Харачойн Зеламхех цхьа-ши дош . . .Сегодня, 11:09. Разместил: abrek |
|
Обаргийн, халкъан бекхамхойн, халкъан сийлахьчу кIентийн тIаьххьара а нуьре седа бара Харачойн Зеламха... Зеламха собаре стаг вара. Шена хазахетар хилча, иза дуьйцуш воьлуш а ца хуьлура, халахетар, бохам хилча, иза балхош цIийзаш а, чIеIаш а ца лелара. Иза а, важа а шен кийрахь къовла а, дагара ца хаийта а доьналла дара цуьнгахь! /Айдамиров Абузар/ *** Зеламха маьрша лела. Иза ларвеш 250 эзар нохчи ву. /П.И.Ковалевский/ *** Зеламхин дахар – иза стогаллех ца вухуш, гIиллакхах ца хедаш, шен дешан да хиллехь а, – къийсамехь цхьана висинчу стеган гIаддайна, хала некъ бу. Зеламха халкъан лаам ларбан гIиртина. Делахь а, дукха вовшахкхеттачу адамах озалуш, царех къаьхкина чекхваьлла иза. Цунна шен заманчохь хиллачу Iедалан латтам хийца лиъна, амма и муха хийца беза ца хиъна. Цунна дуьненахь мел долчу а зуламийн орам паччахьан хьаькамаш тарбелла, уьш байина дIабаьхчхьана, дуьненна нийсо карор ю а моьттуш... Цу шен халачу денца, цкъа а хьанал ахархочун болх бечуьра ца сецна Зеламха. Цо, хьуьнхахь къайлах ирзош а дохуш, латта аьхна, шенначул даьхни кхаьбна, асарехь ваьллина, мангал хьекхна. Иза, хилла, нахаца чекхвала а гIиртина. Делахь а, цхьа къиза хало я кхерам тIебеанчохь цуьнан и комаьрша, ахархочун юьхь даръеллачу берзан суьрте йогIуш хилла. /Мамакаев Мохьмад/ *** Ца теша Зеламха вийна бохучух. Вайна цуьнгахь турпалалла го. Цхьана хенахь гIажарийн (персидски) шахан тIеман министр ца воьдуш, сецира иза, «къомана дуьхьало ян ца лаьа суна», аьлла. Цунна маршо езара. Иза майра, дика стаг вара. И санна болчу ламанхойх дозалла дора Пушкина а, Лермонтовс а... Зеламхин кхалхарх теша а ца лаьа! Цунна маршо езара. Иза майра, оьзда къонаха вара. Шен зуда, бераш ган воьдуш вийра иза... /А.Макеев/ *** Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца, Ламанийн басешкахь попах букъ ва тоьхна, Корта кара ва кхоьхьуш, ша гIийла гIелвелла, Ойла ян хиира, тов, Харачойн Зеламха: «ИлахIу яраббий, кхоьллина тхан Дела! Арешка дохк даьлча, аренаш ва идош, Даккъашка дохк даьлча, и даккъаш ва цоьстуш, Нанас вина ва ваша сайн тоьпах тарвина, Ас маццалц дуур те малх кхета хьо дуьне? /Нохчийн илли/ *** Х1ора нохчи вийначух ч1ир эцаза 1ийр вац со. /Обарг Зеламха/ Вернуться назад |