Главная > Поэзия > ЗЕЛИМХА (байташ).
ЗЕЛИМХА (байташ).Сегодня, 11:54. Разместил: abrek |
![]() Моттало Зелимха хьехавещ техка. Диц ца до бердаша ца кхехьна некьаш, Деказчу кхолламан хало т1еэцна. Дахарехь цо лоьхуш кхаьчна ца хилла, Яхь йолчу цу к1анте обарган дакьа Хилла вац цхьанцца а ямарт, дог шийла. Ма лиъна цунна а некъ маьрша ваха. Масане дарц ц1ийза и хала буьйса, Ядийна хьаннашкахь, доьзал ган лиъна. Паччахьан хьадалчийн кхел хилла буьрса: _ К1ант цуьнан т1уъначу набахтехь вина, Къийсамехь вийна да, ваша а цуьнан. Г1айг1анаш 1ийшарца кхелхина нана. Ойланехь уьш дуьхьалх1уьттуш бу суна, ...................... декьазчу царна Ткъа Бици, обарган тешаме безам; Чекхйийлла декъазчу кхолламах леташ. Ша мичча кхоссарх а дог меттахь латтош Хилла цо дерриг а собарца эшош. Хьоьжу со, юха а техкаш ду нежнаш. Хилладерш шайн маттахь далхадо цара. Лехна цу къонахчо маршонан некъаш, Циггара д1ахьоьжуш раьг1нашка, ара. Шен аьрха дин сихбеш, и новкъа ваьлча, Г1иттина аьрзунаш цуьнгара 1ама. Бехк боцург лазорца лар юьтуш 1аьржа, Ластийна яц цкъа а цо шаьлта, г1ама. Лечанан т1емаш бен хьакхалуш доцчу, Акхачу бердашкахь шен некъ гатбича, Воьхна вац, лоьман дог шен кийрахь догуш, Вахна го баьстина. К1ант хилла иштта. К1ант хилла, хьаналчу адамийн дуьхьа, Цу ц1ергахь ваган а ницкъ карор болуш. Лаьттина ямартчийн харцонна дуъхьал, Цундела хилла и эшалур воцуш. Дине садо1уьйтуш 1аннашкахь сецча, Ойланаш листина нийсоне кхийдаш. Г1елонгахь цу нанас бен узам хезча, Орцаха и вийлла майра дог 1ийжаш. ДоттагГийн аттонна, дарц хедо х1уьтгуш, Де холчохь даим а и хьалха хилла. Воккхачо миччахь а дош-къамел дуьйцуш, Хьалхенга сихвелла собарх ца тилла. Вийца аш, х1ай нежнаш, и майра нохчо. Шен халчу некъашкахь харцонах леттарг. Вийца аш, къизачу 1азапан дорцо, Гатдинчу бердашкахь паргато лехнарг. Вийцалаш ткъа аш а мокхаза бердаш, Шайн кхарда дог доцуш, шайл ч1ог1а-хилларг. Шен ц1еран и хазам ткъес санна бетташ, Паччахьан хьадалчаш чехабан хиънарг. Вийца хьакъ ву-кха, шовданаш, аш а. Хилла и шу санна ойланехь ц1ена. Хьистина буобераш, къен-мисканаш а. Харачойн Зелимха ваьхна вац эрна. Вернуться назад |