Главная > Поэзия > Л. Абдуланв. "Мостагlчунна бина узам"
Л. Абдуланв. "Мостагlчунна бина узам"18.-01.-2025, 14:00. Разместил: abrek |
![]() Шен динан хьуьнарех динбере санна, Хьан хьуьнарш дуьйцучохь воккхавийнера. Къуйшна ца летачу пхьаьрчашна санна, Хьо нажжаз ца вечу дагна лийнера. Тlебаккхал хьаьхна хьох шен буьзна бlаьрг а, Хьо тайна ойла а хилла син кхардам, Хlун некъаш дара, хьовх, ша идадирарш, Уьш мича товжа кху доьхначу дийнахь?! Зеламха вийна, тов! Дуьне-яl, маржа! Цу пханарш юккъе ткъес туьйхи цу кхоо?! Хьо ларо яра, ткъа, шен нийса мажар, Шаьлта а цхьа ира яра хьо кхоо?! Амма, ва Зеламха, лаьмнех къа хьаьрчи: Гила-борз ели',тов, гиэжа (къиэжа), тов, пхаьрчий! Зеламха, Зеламха! Куьг хьан нисдина, Къилбехьа верзийнарг хьо мила вара? Тlаьххьара ши бlаьг хьан дlа хьан къевлира, Хьан ийци белшаш тlе къонахчун барам? Гlергlийла-кх стигланаш, лелхийла-кх латта. Зеламха, хьайх воьлхург мила ву, хатта! Лоьмана тиэбаш лом хьуна дайнерий? И лом ша дарийца - хьо лаьтте вехна. Куьйранна мохайеш куьйра дайнерий? И куьйра ша дара, - хьо стиглахь лехна. Хьо-м пхьарчийн кlезаша цоьсту вацарий. Хьан къинна белха лам, регlаца - арей. Хьан къинна велха-кх ша, хьан дика мостагl. Хьуна мял хила-кх шен сел холчахlоттарх!.. Тlебаккхал хьаьхна сел хьох буьзна бlаьрг а, Хьо тайна ойла а хилла шен кхардам, Хlун некъаш дара, хьовх, ша идадинарш, Уьш мича товжа кху доьхначу дийнахь!.. / Ав. - Абдуллаев Леча/ Вернуться назад |